Седарчий. Хьалхара Дакъа

- -
- 100%
- +

© Сайд-Селиман КIант Хьусайн, 2026
ISBN 978-5-0069-7182-0
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
СЕДАРЧИЙ
ДЕШХЬАЛХЕ
Бисмиллах1иррохьманиррохьийм
Хастам бу Аллах1ана вайна Къуръан деллачу. Цуьнца вайн дахар серладаьккхинчу. Цуьнца вайна ирс деллачу. Цуьнца дуьне а, эхарт а вайна довзийтинчу. Цуьнца вайх къинхетам бинчу.
Делера салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан ох1лана а, асхьабашна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбачунна а къематде даллалц.
Сийлахь-йоккхачу стиглахь седарчий ма-лепара, бусулба умматан исторехь а бу шен «седарчий» – уьш Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) асхьабаш, табиӀийш а, умматера дика нах а бу. Уьш бу вайна боданехь некъ гойтуш берш а, ийманан нур латтош берш а.
АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Сан асхьабаш – седарчий санна бу. Шу царах муьлххачунна а тӀаьхьахӀоьттинехь – шу нийсачу некъа тӀехь хир ду».
«Стиглара седарчий – боданечу буьйсанашна нур луш, некъах тилвелчунна бакъхьара хьажийна лар гойтуш ма-хиллара, АллахIан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) асхьабаш а, царна тIаьхьабозуш хилла табиIийш а, дика нах а – бусулба умматан сирла седарчий бу.
Уьш бу шайн ийманаца а, зухIдаца (дуьненан марзонах ларваларца) а вайн дегнаш серладохуш берш. Цхьаберш царах – цIе санна лепаш хилла майраллин седарчий бу, кхиберш – тийна нур луш хилла дикаллин а, нийсонан а седарчий бу.
Хьалха заманахь, некъахой боданечу буьйсанашкахь тилла а ца туьлуш, шайн нийса некъ стиглара седарчашка хьаьжжина билгалбоккхуш хилла. Иштта, хӀокху дуьненан боданечу некъашкахь вай тилла ца лаахь – вай хьежа деза бусулба умматан сирлачу седарчашка: сийлахьчу асхьабашка, табиӀийшка, АллахӀан дикачу лайшка (са‘лихьашка).
«Йоккхачу хIорда тIехь йа гIум-аренашкахь некъах тилвеллачу некъахочо, шен са тийналле далорхьама а, нийса некъ карорхьама а, стиглара седарчашка хьожуш хилла. Уьш дара цунна боданехь некъ гойтуш, кхерамечу меттигех ларвеш, йезачу гIалин некъ гойтуш.
Иштта ду хIара дуьненан дахар а – иза шен кепехь бодане буьйса йа кхераме хIорд санна ду. Нагахь вай хIокху чолхечу некъашкахь тилла ца лаахь, вай хьежа деза стиглара «седарчашка» – Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) асхьабашка, табиIийшка а, дикачу нахе (са‘лихьашка) а. Уьш бу вайна стиглара седарчий ма-леппара нийсонан а, ийманан а нур луш берш.
Седарчашка хьаьжжина некъахо тилла ца ма-туьлла, оцу дикачу нехан дахаре а, церан гIиллакхе а, АллахIах кхераре а хьаьжжина вай вайн гIуллакхаш нисдахь – вай цкъа а тилла хир дац. Царна тIаьхьахIиттинарш – АллахIан реза хиламе а, Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) улле а кхочур бу.
Уьш бу вайна АллахӀан безаме а, Цуьнан реза хиламе а боьду некъ гойтуш берш. Церан дахар, церан гӀиллакх, церан ийман – вайна тахана а сирла нур ду. Муьлххачу а халонгахь вай хилча а, оцу «седарчашка» хьаьжжина вай вайн гӀуллакхаш нисдахь – вай цкъа а тилла хир дац.
Тахана вайн сийлахьчу нехан (асхьабийн, табиӀийш, дикачу нахан) дахар1 хааран мах а, цуьнан ладаме хилар а инзаре доккха ду – иза деккъа истори Ӏамор дац, иза адаман синна «кӀелхьарадаккхаран хӀордан кема» санна ду. ХӀара ду иза тахана вайна оьшуш хиларан бахьанаш:
1-Тиллачу заманахь нийса хьежам: ХӀара зама мехашца кегаелла хӀорд санна йу, дика-вон къасто хала долчу хенахь – оцу сийлахьчу нехан дахар вайна меттах ца хьовш йолу нийсонан сурт ду.
2-Дуьнено шен марзонаш тӀехьийзочу хенахь, кху седарчиш (сийлахьчу наха) вайна дагадоуьйту: бакъйолу сийлалла – мискаллехь а, АллахӀана хьалха жоп дала дезаш хилар хаарехь а йуйла.
3-Дуьненан марзонех ларвалар: Вай дехаш ду дукха йууш-молуш, дезачу хӀумнашна тӀаьхьаваьллачу заманахь. Цара Ӏамадо вай сийлалла хӀумнашкахь2 ца лоьхуш, дикачу гӀуллакхашкахь лохуш хила йезаш хилар.
4-Характерий, гӀиллакхий кхиор: Оцу наха шайн дегӀан лаамашца (нафсаца) муха къийсам латтийна вай дешча, вайна практически куьйгалла кардо. ХӀара деккъа хабар дац, иза бакъдолу масала ду – хьан карахь ницкъ (власть) болуш муха нийсо латто еза а, хьоьгахь хӀумма а йоцуш муха сий лардан деза а гойтуш.
5-ТӀаьхьенан уьйр а, сий лардар а: Вайн орамаш а, вайн Турпалхой а бевзаш хиларо адамана синна чӀагӀал ло. Вай кхета – вай боккхачу некъан цхьа дакъа хиларх. Иза нийсо хьалха йаккхар ду, шен пайдане ца хьоьжуш. Халонгахь дог чӀогӀадар: Вайна вайн халонаш йаккхий хетачу хенахь, вай оцу «седарчашка» хьожу. Халонаш цара муха лайна вайна гича – вайна ницкъ кхочу АллахӀан къинхетамах дог ца дилла.
Вай тахана вуьйцуш верг – оцу седарчех уггаре сирла лепаш хилла волу Абу-бакр Сыддийкъ (Дела реза хуьлда цунна) ву. Цуьнан дахар а, цуьнан зухӀд (дуьненан марзонах ларвалар) а – вайна тахана а доккха масала ду. Иза вара нийсонан а, ийманан а седа. Цо шен дахарца вайна гайтира – муха хила веза бакъволу муъма стаг, дуьненан паччахь хилла а, шен дегIан лаамашна тIехь толам баьккхина волу.
Ткъа умматан уггаре коьрте седа – иза АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ву. ХӀара дериге седарчий цуьнан нурах нур эцна ду. Иза ца хиллехьара, уьш а хира бацар. Цуьнан беркатац хилла царех беркате-сийлахь нах. Церан йериге сийлахь Ӏамалш цуьнан нурах йу, цуьнгар схьаэцна йу, цуьнан нийсонан некъахь цхьа лар йу. АллахӀера салават а, салам а хуьлда сийлахь Элча Мухьаммадан. Цунах лаьцна къаьстина жайна хира ду Делан пурбанца.
Кху чолхе хала заманахь вайн умматера седарчех тасдала деза вай. Царех масал оьцуш, церан некъашца нислуш, йалсмане кхачархьам. Цундела йаздеш ду вай х1ара жайнеш, вайн умматера седарчий вайна бовзийтархьам, царех вай тардалийта, вайн иманаш нисдалийта, Ислам дин нийса муха леладан деза довзийтархьам а.
Иштта кхин д1а а жима-жима вайн умматера Седарчийн хьахош д1ахура бу вай х1ара болх Делан пурбанца.
Шовхал Сайд-Селиман кIант Хьусайн27 Рамадан 1447 хI. ш.=16 Биэкарг-бутт (март-месяц) 2026 ш.7:08.абу-бакр сыддийкъ
1-Абу-Бакрах сийлахь-цӀе3 Сыддийкъ йаьккхира, цо Пайхамар (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) дукха бакъ варна. Муъминнехан нанас4 Ӏа́ишата дийцина: Пайхамар (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) Маккар Аль-Акъсо́ маьждиге буьйса дӀавигича, наха Ӏуьйран дийца даьккхира иза. Цхьаболу бусалба нах Ислам дин чуьра ара боьвлира, иза бакъ ца деш. ХӀунда аьлча, Маккар Аль-Акъсо́ маьждиге эмкалахь вахна-схьаван кӀирнашкахь5 хан йезаш хилла6, ткъа Пайхамар (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьана буса вахна схьавеъна цигар. Иза бакъ ца дина цара, цуьнца (Пайхамарца) ийман диллина, иза бакъвина хилла болу. Цхьаболу нах Абу-Бакр волче бахар.
Цара элира: «Хьан накъост (Пайхамар) волче вохар вари хьо? Цо боху ша сийсар буса Байтул-Мукъаддасе вигнер!»
Цо элира: «Баккъалла а аьллий цо иза?»
Цара элира: «Аьлла.»
Цо элира: «Нагахь санна цо иза аьллехь, баккъалла а иза бакълийнакх.»
Цара элира: «Ткъа ахь бакъво иза баккъалла а иза сийсар буса Байтул-Мукъаддасе вахна Ӏуьйре хилле цӀавеъна хилар?!»
Цо элира: «Баккъалла а аса иза бакъво цуллаъ (Аль-Акъсо маьждигел) генахь долчу хӀумангахь а, аса иза бакъво Ӏуьйран а, суьйран а стиглара догӀучу хабарехь а7.» Цундела цунна цӀе тиллина Абу-Бакр Сыддийкъ.
2— Абу-Бакр вара нахах уггаре цӀена (боьхалх) ларлуш верг джа́хӀилиййатехь8. Цо шена чагӀар хьарам динера Ислам-дин далле хьалха. Баккъалла а Ӏа́ишта аьлла: «Абу-Бакъра чагӀар хьарам динер шен дегӀан, цо иза ца мелла джа́хӀилиййатехь а, Ислам динехь (ша волуш) а». Ткъа цуьнан бахьана дара: цкъа цхьана вехначу стагана тӀех ваьллера иза, шен куьг боьхал чу Ӏуттуш, шен бете кхоьхьуш волу. ТӀаккха шен цуьнан хьожа еъча, дӀадоккхура цо иза (куьг). ТӀаккха Абу-Бакъра элира: «Баккъалла а кхунна (вехначу стагана) ца хаа ша хӀун леладо, шен куьг боьхал чу дуьллу цо шена цуьнан хьожа йогӀушехь». Эццехь хьарам дира цо шена иза (чагӀар).
3— Цхьан стаг хаьттина Сыддийкъе: «Чаг1ар меллий ахь джах1илиййатехь?»
Сиддийкъа элира: «Со ларло Аллах1ац (аса иза маларх)».
Цхьам элира цуьнга: «Х1унда?»
Цо элира: «Со вара лардеш сайн сий а, къонахалла а, ткъа чаг1ар мелларг дойуш вукх шен сий а, къонахалла а».
4— Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабийн гуламехь волуш, Абу-Бакр Сыддикъа элира: «Аса цIуна9 сужуд ца дина цкъа а. Иза дара со кхиа герга вахна волуш. Абу-Къухьафата (Абу-Бакран да) со схьалецира сан куьг, со а эцна иза вахар цIунош чохь долчу чоь йолче. ТIаккха цо элира: „ХIорш хьан сийлахь-лекха дели бу“. Со цаьрца витина дIавахар иза. ЦIуношна герга вахна, аса элира: „Баккъалла а со меца ву, вузвехьа со“. Цо суна жоп ца делира. ТIаккха аса элира: „Баккъалла а со верзина ву, тIе хIума йохахь суна“. Цо суна жоп ца делира. Аса цунна тIе тIулг туьйхира, тIаккха иза шен йуьхь тIе охьакхийтира».
5— Абу-Бакр Сыддикъан г1ан гинер иза Ше́ма10 латта т1ехь (махкахь) волуш. Цо иза дийцира мелхо11 Бахьийрог12. Цо элира: «Мичар ву хьо?» Цо элира: «Маккар».
«Хьанах ву хьо?» – элира цо.
«Къурайшах», – элира цо.
«Хьо мила ву?» – элира цо.
«Совдегар»13, – элира цо.
«Нагахь санна Аллах1а хьан г1ан бакъ дахь, баккъалла а Цо хьан къомах Пайхамар воийтар ву, хьо цуьнан вазир14 хира ву иза дийна волуш, цуьнан Халийфат (паччахь) иза велча». Абу-Бакра иза (Бахьийрос тидина г1ан) къайла даьхьира шегахь лачъкъадина (цхьаьнге ца дуьйцуш).
6— Абу-Бакр Сыддикъа Ислам-дин тӀелаьцча, Маккан охӀлан чӀогӀа холче даьллера иза. Уьш вовше дагха боьвлира, церан барт хилира Абу-Бакран тӀе стаг вахийта, цо иза (Абу-Бакр) юхаверзаре кхойкхуш, юха а цо церан делийн Ӏибадат дарна тӀе. Цара цунна ТӀолхьат бин ӀубайдиЛлахӀ ваийтира, ткъа иза веара и (Абу-Бакр) волче, иза нахан юкъахь волуш. Цо (ТӀолхьато) цуьнга мохь туьйхира:
– ХӀай Абу-Бакр, хьалагӀатта сун тӀе ван.
– Ахь со мича хӀуманге кхойкху? – элира Абу-Бакра.
Цо элира:
– Аса хьо кхойкху Ла́тан15 а, Ӏуззан а Ӏибад даре.
– Ткъа церан нан мила ю? – элира Абу-Бакра.
– АллахӀан йоӀарий, – элира ТӀолхьата.
– Ткъа церан нан мила ю? – элира Абу-Бакра.
ТӀаккха ТӀолхьат дӀасецира, цуьнан ши балда меттах ца делира дош аьлла. ТӀаккха Абу-Бакр ТӀолхьати накъосташна тӀе а вирзина элира:
– Жоп лойша шайн накъостан.
Уьш дӀасецира, цара жоп ца делира. ТӀаккха ТӀолхьат вехха цаьрга (шен накъосташка, ша Абу-Бакран тӀе ваийтина болу) хьийжира, ткъа уьш биста ца хуьлура. ТӀаккха цо (ТӀолхьато) шолгӀа а мохь туьйхира:
– ХьалгӀатта, хӀай Абу-Бакр, баккъалла а аса тоьшалла до цхьа а Дела ца хилар АллахӀ воцург, аса тоьшалла до Мухьаммад АллахӀан Элча хилар.
ТӀаккха Абу-Бакр Сыддикъа иза а эцна, цуьнца вахара АллахӀан Элчан тӀе (АллахӀер салават а, салам а хуьлда цунна).
7— Абу-бакр Сыддыкъа шех лаьцна дийцина:
Со вара хиина 1аш Ка1батан уьйт1ахь, ткъа Зайд бин 1амр бин Нуфайл а вара хиина 1аш. Т1ех велира ибну аби-солт. Цо элира: «1уьйренга муха ваьлла хьо, х1ай диканиг лоьхуш верг?» Цо (Зайда) элира: «Дика ваьлла». Цо (ибн аби-солта) элира: «Ткъа кариний хьуна (ц1ена-бакъдолу дин)16?» «Х1а-х1а», – элира цо (Зайда). Т1аккха цо (ибн аби-солта) элира:
«Дериг дин къемат дийнахь – Дела цхьаъ веш верг доцург телхина ду».
Амма баккъалла а и Пайхамар (нах) шега хьоьжуш волу17 тхоьх ву йа шух ву? Цо (Абу-бакра) элира: «Со вацар хезна кхулла хьалха Пайхамарх (нах) шега хьоьжуш волу, (Дала) ваита везаш волу». Т1къа со ара велира Варакъат бин Навфал везаш, т1къа иза вара стигал дукх хьоьжуш (Делан хьокъехь дукх ойланаш йеш), ч1ог1а 1амал йеш. Аса иза сацавира, т1аккха цуьнга дийцир аса хилла къамел (ван везачу Пайхамарх).
– Х1аъ, х1ай сан ваша, баккъалла а тхо жайнеши а, 1илмнаши а ох1ла ду (1илм ду тхоьгахь), ладохалахь баккъалла а (наха) шега хьоьжуш волу Пайхамар 1аьрбон йукъерчу (уггаре сийлахьчу) тайпанах ву – т1къа соьгахь 1илма дара тайпнашах лаьцна18 (тайпнаш дойзуш вара со) – т1къа хьан нах 1аьрбох йуккъера (уггаре сийлахь) тайпах (Къурайшах) ду.
– Х1ай ваша, х1ун олу Пайхамаро? – элира аса.
– Цо олу шега (Дала) аьлларг. Делахь а зулам деш (хира) вац иза, йа шена а (наха) зулам деш хира вац иза, харцо йеш а хира вац иза.
Т1аккха Пайхамар (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) (Дала) ваитича ас цуьнца иман диллира, бакъ а вира ас иза.
8— Цхьан стаг 1а́ишате аьлла: «Абу-бакран сурт х1оттаде19 тхуна?» Цо элира: «К1ай (бос болуш) стаг вара иза, оза а, (беснеш т1ер) маж йай йолуш (цуькъа йоцуш), (жиммал) букар вахна волуш, цуьнан изар ца соцура охь йоьдура г1одйукъера (оза волуш), йуьхь т1ехь оза волуш (жижиг к1езиг долуш), чу бахна ши б1аьрг болуш, т1ебаьлла хье болуш, п1елгаш оза долуш, – иза дукх цуьнан куц».
9— Абу-бакр йалинер Къатийлат бинт Абдил-узза́, джа́х1илиййат занагахь. Цо (Къатийлата) вира цунна (Абу-бакран) Абдуллах1 а, Асма́ъ а. Иштта джах1илиййатехь цо кхиъ йалинер Умма Ру́ма́н бинт 1а́мир. Цо хьалхе Ислам дин т1елецира, Мадийнате х1ижрат а дира. Цо Абу-бакран йира 1а́ишат а, 1абдуРрохьман а.
Ислам дин деъча цо йалира Асма́ъ бинт 1умайс. Иза динац йолуш сийлахь зуда йара, хьалхе х1ижрат динчарех а йара. Иза Джа1фар бин Аби-Т1о́либан зуда йара. Муъта-г1азотехь иза кхелхинчул т1ехь Абу-бакран йалинер иза. Цо (Асма́ъ) цунна Мухьаммад (ц1е йолуш к1ант) вира.
Иштта Абу-бакро йалира Хьабийбат бин Хо́рижат. Цо Абу-бакран Умма-Кулсу́м (ц1е йолу йо1) йира иза (Абу-бакр) кхелхинчул т1ехьа.
10— Абу-Бакр хиъна Ӏаш волуш Пайхамарца (АллахӀан салава́т а, салам а хуьлда цунна), цӀаьххьана Абу-ЛахӀабан зуда Умму-Жамийл еара, шен шина куьйгахь тӀулгаш дохьуш. Цигар нахе хьежа хоьттира иза шена Абу-Бакр Сыддикъ галлац, ткъа иза Пайхамарн (АллахӀан салава́т а, салам а хуьлда цунна) уллехь хиъна Ӏаш вара. Делахь а, АллахӀа бӀаьрзе йинера иза Шен (АллахӀан) Элча гарх, цунна гуш вацар Абу-Бакр бен. Цо элира: «ХӀай Абу-Бакр, мичахь ву хьан накъост? Баккъалла соьга хабар кхаьчна цо со йемал20 йо аьлла. ВаллахӀи, суна иза карвахь, ас хӀара тӀулгаш цуьнан бага тухур ма ду. Амма валлахӀи, со байтговзанча21 ма йу». Цул тӀехь байташ ала йолайелира иза Пайхамар (АллахӀан салава́т а, салам а хуьлда цунна) йемал веш. Цо элира:
Сийсаз волчун Ӏеса хилла тхо,
Цуьнан балхан дуьхьал доьвла тхо.
Цуьнан дин ца дезна тхуна.
Цул тӀехь иза дӀайахча, цец валар шена тӀехь гуш долуш Абу-Бакра элира: «ХӀай АллахӀан Элча, хьун хети хьо цунна гира аьлла?» Цо элира: «Цунна со ца гира, баккъалла АллахӀа цуьнан бӀаьрса дӀаэцнера соьхь».
11— Аишата аьлла: Хадижат йелча Ховлат бинт Хьакийма Усма́н бин Маз11унан зудчо аьллера: Х1ай Аллах1ан Элча, зуда ца йалайо ахь? Цо элира: Мила?
Хьун лаахь йо1 стаг а, хьун лаахь марехь хилларг а, – элира цо.
Йо1 стаг мила йу? – элира цо.
Аллах1ан халкъах хьуна уггаре дукх везачун йо1 Аиша бинт Аби-бакр.
Ткъа марехь хилларг мила йу? – элира цо.
Савдат бинт Зам1ат, хьоьца иман диллина цо, хьуна т1ехь а йаьзна иза, – элира цо.
Делахь г1ой хьаха йе и шиъ суна, – элира цо.
Иза (тхоьга) еъна Абу-бакран х1усаме чоьхьа йаьлча цунна карир Аишатан нана Умма-Ру́ма́н, цо элира:
Х1ай Умма-Ру́ма́н, ма доккха дика а, беркат а чу далина хьан х1усаме Аллах1а. Со йаитина Аллах1ан Элчо (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) шена Аиша хьахйан.
Суна дезна (иза), собардехь Абу-бакрна, иза схьавог1уш ву хьун.
Абу-бакар схьавеара, цо элира: Х1ай Абу-бакр, ма доккха дика а, беркат а чу далина хьан х1усаме Аллах1а. Со йаитина Аллах1ан Элчо (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) шена Аиша хьахйан.
Иза мегаш йуй цунна, цуьнан веши йо1 ма йу иза? – элира цо.
Иза йуха йахара Аллах1ан Элча (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна, волче, цо цуьнга хьахира иза (Абу-бакра аьллаг).
И волче йуха г1ой ахь ала цуьнга: хьо сан ваша ву Ислам-динехь тъка со хьан ваша ву, ткъа хьан йо1 мегаш йу (йало) суна.
Абу-бакра волче йеара иза (Пайхамаро аьллаг цуьнга элира цо), т1аккха Абу-бакра элира: Хьакхайкха суна Аллах1ан Элча (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна). Иза схьавеара, цо цуьнца мах там-мах бира (суна), ткъа сан йалх шо дара22.
12— Божарех уггаре хьалха иман диллинарг вара иза (Абу-Бакр).
13— Къурайшах, уггаре дикох тайпанан-гергарлонаш дойзуш верг вара иза.
14— Аишата, Аллах1 реза хийла цунна, аьлла: Мух1ажарех23 цхьане а дас Ислам дин т1е ма ца лаьцна Абу-бакран дас бен.
15— Ши вара24 г1ийла дара цуьнан, изар25 ца соцура цуьнан шина варан т1ехь (оза хиларн г1одйукъер охь оьхуш хилла иза цуьнан)26.
16— МасихӀуттуза Бусро гӀала вахна, иза йохкар-эцар лелайеш, шен бахамаш харж йеш байъина Пайхамарна а (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна), АллахӀан некъахь а. АллахӀан Элчо (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) аьллера: «Цхьа а бахамо пайд ма ца бина суна, Абу-Бакаран бахамо пайда бар тера».
17— Абу-Бакар Ислам дин тӀелаьцначу дийнахь цуьнгахь шовзткъа эзар27 динар28 дара.
18— Ӏамр бин Зубайро (АллахӀ реза хийла цунна) аьлла: «ХӀай АллахӀан Элча, божарех уггаре дукха везарг мила ву хьуна?» Цо элира: «Абу-Бакар».
19— АллахӀан Элчо (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Абу-Бакарца а, Ӏумарца а гамо хира йац муъмин стеган, и шиъ ца везаш хира вац мунафикъ29 бен».
20— Умар аьлла: Абу-бакр вайн эла ву, вайх тоьлларг ву, вайх уггаре ч1ог1а Аллах1ан Элчан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) везаш верг а ву.
21— 1абдуллах1 бин Щакъийка аьлла: Ас элир 1а́ишате: Пайхамари (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) Асхьа́бех Аллах1ан Элчан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) дукхох везаш верг мила вара? Цо элира: Абу-бакр.
Ас элира: Цулт1ехь?
Цо элира: 1умар.
Ас элира: Цулт1ехь?
Цо элира: Абу 1убайдат.
Ас элира: Цулт1ехь?
Иза йист ца хилира.
22— Аллах1ан Элча (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) Абу-бакр аьлла: Хьо сан накъост ву хьавдан30 йистехь а, хьера чохь а31.
23— 1алийно32 аьлла: Баккъалла а Аллах1ан Элчо (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) Абу-бакр омра дира нахац (имамал деш) ламаз диэ аьлла, баккъалла со цигахь вара йа со цомгуш а вацара33, ткъа тхо реза хиллакх (Абу-бакран, иза) тхан дуьнен (Халиф хиларн), Аллах1ан Элча (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) тхан динан (ламазехь тхуна имамал дан) реза хилла волчу.
24— Аишата аьлла: АллахIан Элчас (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ша цомгуш волуш соьга элира: «Схьакхайкха суна хьайн да а, ваша а, аса кехат яздархьам34 (Абу-Бакр билгал веш Халиф хила), баккъалла а со кхоьру сатуьйсучо сатийсарх (Iедалн) а, олучо аларх а, ткъа дуьхьал вукх АллахI а, муъмин нах а Абу-Бакр воцучун».
25— Кхечу хьадийсехь деъна АллахIан Элчо (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элир аьлла: «АллахIа лардойлакх муъмин нах Абу-Бакри хьокъехь къовсабаларх (иза Халиф хоттарн хьоькъехь)».
26— IабдуллахIа аьлла: АллахIан Элча (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) кхелхича, Ансараш элира: «Тхоьх а амир (хира ву Iедалн куьйгалехь), шух (МухIажаршах) а амир (хира ву Iедалн куьйгалехь)». Iумар веара уьш болче, цо элира: «Шу дац хууш баккъалла а АллахIан Элчо (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) Абу-Бакре омра дин хилар (ламазехь имамал де аьлла), тIаккха цо нахан имамал а диний (ца хаа шуна)?! Ткъа шух мила ву дог реза хира долуш Абу-Бакран хьалха вала?!» Цара элира: «Тхо ларло АллахIац Абу-Бакран тхо хьалха довларх».
27— Абу-Дарда́а аьлла: Абу-Бакран, Ӏумарн юкъахь къамел хиллера, ткъа Абу-Бакро Ӏумар оьг1аз вахийтинера. ТӀаккха Ӏумар цунах дӀавахнера оьг1аз вахна, ткъа Абу-Бакр цунна тӀаьхьа вахнера цуьнга дехар деш, шена къинтӀера валарца. Ткъа цо (Ӏумаро) ца дира иза, цуьнан (Абу-Бакри) юьхьан хьалха неӀ тӀечӀаьг1на (чу вахар иза). ТӀаккха Абу-Бакр АллахӀан Элча (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) волче вахар. Абу-Дарда́а элира: Тхо иза (АллахӀан Элча) а волчехь дара. (Абу-Бакр схьагича тӀевог1уш) АллахӀан Элчо (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) элира: Амма шун накъост баккъалла ийг1ина ву.
Ткъа Ӏумар дохко ваьллера шегар даьлчунах (ша къинтӀера цавалар, неӀ тӀечӀаг1арн), схьавеъна салам делла охь хиир иза (Ӏумар) Пайхамар (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) волче. Цо дийцира АллахӀан Элче (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) хилларг. АллахӀан Элча (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) оьг1аз вахар. ТӀаккха Абу-Бакр волавелира ба́ха: ВаЛлахӀи, хӀай АллахӀан Элча, со ма вара тӀехь зуламе верг (цуьнца). АллахӀан Элчо (АллахӀера салават а, салам а хуьлда цунна) элира: Шу дуй вуьтар волуш суна сан накъост? Баккъалла аса элира, хӀай нах, баккъалла со АллахӀан Элча ву шун массарна ваийтина, ткъа аш элира: Харцалоь хьо. Ткъа Абу-Бакро элира: Бакълоь хьо. Цо дог ицира сан (накъост хилир иза чуна) шен дег1ац а, бахамца а. Ткъа шу дуй вуьтур волуш суна сан накъост? Шозза (элира цо иза). Цунна (Абу-Бакран) лазам ца бира цултӀехь.
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «Литрес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.
Примечания
1
Биографи.
2
Брендашкахь.
3
1-Титул. Почётное звание.
4
[2] -1а́ишат Абу-бакр Сыддийкъи йо1 йу, Аллах1ан Элчан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) х1усамнана йу. Т1къа цуьнан х1усамнаной муъминнеха наной лоруш бу Ислам динехь.
5
[3] -Недели.
6
[4] -Маккани, масджид аль-акъсо́ни йукъахь 1254 киллометр йу.
7
[5] -Веза-Сийлахь Делера бог1у хаам (Къуръан).
8
[6] – Ислам дин далле хилла керистаналин хан.
9
[7] -Идол.
10
[8] -Сирия.
11
[1] -Монах.
12
[9] -Бахьийро, – Ислам-дин далле хилчу Наса́рийн (Христиане) динехь 1елам стаг хилла.
13
[10] -Купец.
14
[11] -Визирь. (Титул высшего государственного министра или советника).
15
[12] – Ла́та а, 1узза а церан ц1унш (идолы) дара, цара шайн дели лаьцна долу.
16
[13] -Зйан бин Навфал Ислам-дин далле ц1ена бакъдолу дин лоьхуш хилла. Керистан дин лелош ца хилла цо. Шен замангахь Пайхамар ван везаш вуй хууш хилла цунна. Мухьаммад хилла и ван везаш волу Пайхамар, амма Зайд Мухьаммад валле кхелхина.
17
[14] -Которого ожидают его прихода.
18
[15] -Х1ара Абу-бакран къамел ду, шегахь тайпнашах лаьцна 1илма дар бохург.
19
[16] -Описывать; обрисовывать.
20
[17] -Порочить; высмеивать.
21
[18] -Поэт.
22
[19] -Дукх нах нийса ца кхета Аллах1ан Элчо (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) йалх шо долуш 1а́ишат йалайарх. Аллах1ан Элча (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) воккха стаг хилла шовзт1къе итт шо кхечна, «цо муха йала йо йалх шо кхечна йо1»? – олу наха. Цунах жоп ши аг1о йолуш ду:
Хьалхарниг-Вайн хаа деза Аллах1ан Элчо (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) ц1аллигор ц1а дийра ца хилар хьарам дерг йа эхье дерг йа ирча дерг йа оьзда доцург йа сийсаз дерг йа хаза доцург. Цундела, цунах а билгал долу вайн цо динарг нийса а, оьзда а, хаза а дерг хилар.
2-Шоллаг1ниг: Шарий1атехь йо1 маре йахарн билгал йина хан йац, билгала динарг йо1 х1усамдеца йижар-г1аттар даллал кхиина хилар ду. Ткъа цу хена йо1 хьалхе кхуьуш хилла, тахна зудчун санна дег1 даьккхина хуьлуш хилла цу хена йо1. Аллах1ан Элчо (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) 1а́ишатан йалх шо кхечча шен дола йаьккхина, амма шен х1усаме цуьнан исс шо кхечча бен схьацайалайина цо иза. Ткъа цу хена исс шо кхечна йо1 тахна т1къе итт шо кхечна зуда санна дег1 даьккхина хуьлуш хилла. Ткъа иза кхачаме дара иза марейаха цуьнан исс шо бен ца хиллехь а.



