- -
- 100%
- +

© Хусейн Шовхалов, 2026
ISBN 978-5-0071-2499-7 (т. 2)
ISBN 978-5-0071-2500-0
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
ислам динан баххаш
1-Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:
«Боккъалаъ, Iамалш негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а — цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа — цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду»
[(Бухари: 1, Муслим: 1907.
2-Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Аллах1ан Элчано (Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:
«ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» [(Бухари: 697, Муслим: 1718)]. Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь, иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».
3- Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:
«Боккъалаъ, магийнарг — хууш ду, цамагийнарг а — хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг — шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг — хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг — иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь — дерриг дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь — дерриг дегI а талхош. Боккъалаъ, иза — дог ду»
[(Бухари: 52, Муслим: 1599)].
4-МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Боккъалаъ, шух хIора а (цкъа хьалха) шен ненан кийрахь кепе валаво: шовзткъа дийнахь — тIадаман куьцехь, тIаккха оццул хенахь — цIийн улхан куьцехь, тIаккха кхин а оццул хенахь — дилханан кийсиган куьцехь. Цул тIаьхьа АллахIа малик хьажадо, цо цунна чу са дуьллу. Цул тIаьхьа цо цуьнга диъ (хIума) дIаязде (олий) омра до: шен рицкъа, шен хан, шен гIуллакхаш, иштта ирсе хир ву я декъаза хир ву иза. Аса дуй буу Ша воцург кхин дела воцучух: боккъалаъ, шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) ялсаманин охIланан Iамалш: ялсамане кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду — жоьжагIатин охIланан гIуллакхашна тIехьа а ваьзна, (жоьжагIате) гIур ву иза. Боккъалаъ, (иштта) шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) жоьжагIатин охIланан Iамалш: жоьжагIате кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду — ялсаманин охIланан гIуллакхашна тIаьхьа а ваьзна, (ялсамане) гIур ву иза»
[(Бухари: 3208, Муслим: 2643)].
5-Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, сала а хуьлда цунна) элира аьлла:
«(ХIай, нах!) Боккъалаъ, АллахI — ЦIена ву, Цо цIенаниг бен цхьа а хIума къобал ца до. Боккъалаъ, Шен элчанашка динна долу омра дина АллахIа муъма нахе а. Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика Iамалш а е.» («алМуъминун»: 51). Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172). Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира — новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза — иштта хилча (цуьнан доIанна) жоп муха лур ду?«анашка динна долу омра дина АллахIа муъма нахе а. Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика Iамалш а е.» («алМуъминун»: 51). Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172). Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира — новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза — иштта хилча (цуьнан доIанна) жоп муха лур ду?»
[(Муслим: 1015, Тирмизи: 2992)].
6- Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю — цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар.«Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю — цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар.»
[(Тирмизи: 2318, дика (хьасан) хьадис ду, Тирмизис а, кхинболчу мухьаддисаша а далийна и)].
7- Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера салават а, салам хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шух цхьа а иман диллина хир вац — шена дезаш дерг шен (динан) вешийна а деззалц.»
[(Бухари: 13, Муслим: 45)].
8-Худри некъех волучу Абу СаIийд СаIд бин Синана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла:
«(Бахьана доцуш) ца мега зен дан, (бахьана долуш) ца мега зен дан.»
[(Ибн Маджат: 2340—2341, ад-ДаракъутIни)].
9-Абу ХIурайра Iабдур-Рахьман бин Сахра (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:
«Аса шайна дихкиначух (ца магийначух) ларло, Аса шайга омра диначух шайга далуш дерг де. Боккъалаъ, шул хьалха баьхнарш (хилларш), цара хеттарш дукха дар а, уьш шайн пайхамарашна Iеса хилар а бахьана долуш хIаллакбина».
[(«ИIтисам бил китаби вас суннати» жайнахь Бухарис дийцина: 6777, Муслим: 1337)].
10-Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Дин — догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо элира: «АллахIан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, массо бусулба нехан хьокъехь а».
[(Муслим: 55)].
11- СаIдан кIанта Абу Iаббас СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: « (Цкъа) цхьана стага, пайхамарна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира (цуьнга):
«ХIай, АллахIан элча! И йича со АллахIана а, нахана а везар волу Iамал йовзийтахь суна.» (Цунна жоп луш пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна)) элира: «Кху дуьненан хIуманна суьпа хила хьо — АллахIана везар ву хьо, нехан (долахь долучуьнан хьокъехь) суьпа хила хьо — нахана а везар ву хьо»»
[(Ибн Маджат: 4102, «дика» («хьасан») даржехь хьадис ду)].
СЕДАРЧИЙ
ДЕШХЬАЛХЕ
Бисмиллах1иррохьманиррохьийм
Хастам бу Аллах1ана вайна Къуръан деллачу. Цуьнца вайн дахар серладаьккхинчу. Цуьнца вайна ирс деллачу. Цуьнца дуьне а, эхарт а вайна довзийтинчу. Цуьнца вайх къинхетам бинчу.
Делера салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан ох1лана а, асхьабашна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбачунна а къематде даллалц.
Сийлахь-йоккхачу стиглахь седарчий ма-лепара, бусулба умматан исторехь а бу шен «седарчий» — уьш Пайхамаран (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабаш, табиӀийнаш а, умматера дика нах а бу. Уьш бу вайна некъ гойтуш берш а, ийманан нур латтош берш а.
АллахӀан Элчано (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Сан асхьабаш — седарчий санна бу. Шу царах муьлххачунна а тӀаьхьахӀоьттинехь — шу нийсачу некъа тӀехь хир ду».
Стиглара седарчий — боданечу буьйсанашна нур луш, некъах тилвелчунна бакъхьара хьажийна лар гойтуш ма-хиллара, АллахIан Элчанан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабаш а, царна тIаьхьабозуш хилла табиIийнаш а, дика нах а — бусулба умматан сирла седарчий бу. анашна нур луш, некъах тилвелчунна бакъхьара хьажийна лар гойтуш ма-хиллара, АллахIан Элчанан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабаш а, царна тIаьхьабозуш хилла табиIийнаш а, дика нах а — бусулба умматан сирла седарчий бу.
Уьш бу шайн ийманаца а, зухIдаца (дуьненан марзонах ларваларца) а вайн дегнаш серладохуш берш. Цхьаберш царах — цIе санна лепаш хилла майраллин седарчий бу, кхиберш — тийна нур луш хилла дикаллин а, нийсонан а седарчий бу.
Хьалха заманахь, некъахой боданечу буьйсанашкахь тилла а ца туьлуш, шайн нийса некъ стиглара седарчашка хьаьжжина билгалбоккхуш хилла. Иштта, хӀокху дуьненан боданечу некъашкахь вай тилла ца лаахь — вай хьежа деза бусулба умматан сирлачу седарчашка: сийлахьчу асхьабашка, табиӀийшнака, АллахӀан дикачу лайшка. анашкахь тилла а ца туьлуш, шайн нийса некъ стиглара седарчашка хьаьжжина билгалбоккхуш хилла. Иштта, хӀокху дуьненан боданечу некъашкахь вай тилла ца лаахь — вай хьежа деза бусулба умматан сирлачу седарчашка: сийлахьчу асхьабашка, табиӀийшнака, АллахӀан дикачу лайшка.
Йоккхачу хIорда тIехь йа гIум-аренашкахь некъах тилвеллачу некъахочо, шен са тийналле далорхьама а, нийса некъ карорхьама а, стиглара седарчашка хьожуш хилла. Уьш дара цунна боданехь некъ гойтуш, кхерамечу меттигех ларвеш, йезачу гIалин некъ гойтуш.
Иштта ду хIара дуьненан дахар а — иза шен кепехь бодане буьйса йа кхераме хIорд санна ду. Нагахь вайн хIокху чолхечу некъашкахь тилла ца лаахь, вай хьежа деза стиглара «седарчашка» — Пайхамаран (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабашка, табиIийнашка а, дикачу нахе а. Уьш бу вайна стиглара седарчий ма-леппара нийсонан а, ийманан а нур луш берш.
Седарчашка хьаьжжина некъахо тилла ма ца-туьлла, иштта оцу дикачу нехан дахаре а, церан гIиллакхе а, АллахIах кхераре а хьаьжжина вай вешан гIуллакхаш нисдахь — вай а цкъа а тилла делла хир дац. Царна тIаьхьахIиттинарш — АллахIан реза хиларе а, Элчанан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) улле а кхочур бу.
Уьш бу вайна АллахӀан вай дезаре а, Цуьнан реза хиларе а боьду некъ гойтуш берш. Церан дахар, церан гӀиллакх, церан ийман — вайна тахана а сирла нур ду. Муьлххачу а халонгахь вай хилча а, оцу «седарчашка» хьаьжжина вай вешан гӀуллакхаш нисдахь — вай цкъа а тиллур дац.
Тахана вайн сийлахьчу нехан (асхьабийн, табиӀийн, дикачу нехан) дахар1 хааран мах а, цуьнан ладаме хилар а инзаре доккха ду — иза деккъа истори Ӏамор дац, иза адаман синна «кӀелхьарадаккхаран хӀордан кема» санна ду. Тахана вайна уьш оьшуш хиларан бахьанаш х1орш ду: анаш х1орш ду:
1-Тиллачу заманахь нийса хьежам:
ХӀара зама мехашца кегаелла хӀорд санна йу, дика-вон къасто хала долчу хенахь — оцу сийлахьчу нехан дахар вайна меттах ца хьовш йолу нийсонан сурт ду.
2-Дуьнено шен марзонаш тӀехьийзочу хенахь, кху седарчиш (сийлахьчу наха) вайна дагадоуьйту: бакъйолу сийлалла — мискаллехь а, АллахӀана хьалха жоп дала дезаш хилар хаарехь а йуйла.
3-Дуьненан марзонех ларвалар:
Вай дехаш ду дукха йууш-молуш, дезачу хӀумнашна тӀаьхьаваьллачу заманахь. Цара Ӏамадо вай сийлалла хӀумнашкахь2 ца лоьхуш, дикачу гӀуллакхашкахь лохуш хила йезаш хилар.
4-Амалий, гӀиллакхий кхиор:
Оцу наха шайн дегӀан лаамашца муха къийсам латтийна вай дешча, вайна 1амаллийн куьйгалла кардо. ХӀара деккъа хабар дац, иза бакъдолу масала ду — хьан карахь ницкъ болуш муха нийсо латто еза а, хьоьгахь хӀумма а йоцуш муха сий лардан деза а гойтуш.
5-ТӀаьхьенан уьйр а, сий лардар а:
Вайн орамаш а, вайн Турпалхой а бевзаш хиларо адаман синна чӀагӀал ло. Вай кхета — вай боккхачу некъан цхьа дакъа хиларх. Иза нийсо хьалха йаккхар ду, шен пайдане ца хьоьжуш.
6-Халонгахь дог чӀогӀадар:
Вайна вайн халонаш йаккхий хетачу хенахь, вай оцу «седарчашка» хьожу. Халонаш цара муха лайна вайна гича — вайна ницкъ кхочу АллахӀан къинхетамах дог ца дилла.
Вай тахана вуьйцуш верг — оцу седарчех уггаре сирла лепаш хилла волу 1умар бин Хаттаб аль-Фа’ру’къ (Дела реза хуьлда цунна) ву. Цуьнан дахар а, цуьнан зухӀд (дуьненан марзонах ларвалар) а — вайна тахана а доккха масала ду. Иза вара нийсонан а, ийманан а седа. Цо шен дахарца вайна гайтира — муха хила веза бакъволу муъма стаг, дуьненан паччахь хилла а, шен дегIан лаамашна тIехь толам баьккхина волу.
Ткъа умматан уггаре коьрте седа — иза АллахӀан Элча (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) ву. ХӀара дериге седарчий цуьнан нурах нур эцна ду. Иза ца хиллехьара, уьш а хира бацар. Цуьнан беркатац хилла царех беркате-сийлахь нах. Церан йериге сийлахь Ӏамалш цуьнан нуьрах йу, цуьнгар схьаэцна йу, цуьнан нийсонан некъахь цхьа лар йу. АллахӀера салават а, салам а хуьлда сийлахь Элча Мухьаммадан. Цунах лаьцна къаьстина жайна яздийра ду Делан пурбанца.
Кху чолхе хала заманахь вайн умматера седарчех тасдала деза вай. Царех масал оьцуш, церан некъашца нислуш, йалсмане кхачархьам. Цундела йаздеш ду вай х1ара жайнеш, вайн умматера седарчий вайна бовзийтархьам, царех вай тардалийта, вайн иманаш нисдалийта, Ислам дин нийса муха леладан деза довзийтархьам а. анаш нисдалийта, Ислам дин нийса муха леладан деза довзийтархьам а.
Иштта кхин д1а а жима-жима вайн умматера Седарчийн хьахош д1ахура бу вай х1ара болх Делан пурбанца.
Шовхал Сайд-Селиман кIант Хьусайн 9 Рабий1ул-аввл Рамадан 1448 хI. ш.= 23 Хьаьттан-бутт (август) 2026 ш. 05:36IУМАР БИН ХАТТАБ АЛ-ФА'РУКЪ
1— Iумар ибн аль-Хаттаб ибн Нуфайль ибн Ӏабдул-Ӏузза ибн Рияхь ибн КъуртӀ ибн Ризахь ибн Ӏадий ибн КаӀб ибн Луай, бусалба неха эмир, Абу Хьафс аль-Къураший аль-Ӏадавий, Аль-Фарукъ (АллахӀ реза хуьлда цунна).
2— Иза шахӀид хилла Зул-хьижжат беттан чаккхенгахь ткъе кхоалгӀачу (23) шарахь. Цуьнан нана йара Хьантамат бинт ХӀишам аль-Махзумийя, иза Абу ЖахӀлан йиша йара. Ислам дин тӀеицира пайхамараллан йалхлагӀачу шарахь, цу хенахь цуьнан ткъе ворхӀ шо дара. Ислам дин тӀеицира пайхамараллан йалхлагӀачу шарахь, цу хенахь цуьнан ткъе ворхӀ шо дара.
3— IабдуллахӀ ибн Ӏумара аьлла: «Сан да кӀай-цӀиэ аматаш долуш, дегӀана лекха, коьртан хьалхашкара месаш йайна (тӀехтилла), къежвелла вара».
4— Кхечо аьлла: «Иза кӀайн-сирла вара, лекха а, коьртан хьалхашкара месаш йайна а, таьӀна-чу бос болуш а, ший а куьг цхьабосса лело хууш а (аьрро а, аьтту а) вара».
5— Абу Ражаъ аль-ӀутӀо'рдис аьлла: «Иза лекха, дегӀана стомма, чӀогӀа тӀехтилла корта болуш, чӀогӀа цӀиэ бос болуш вара. Цуьнан беснеш тӀехь месаш кӀезиг йара, амма мекхаш даккхий а, церан йисташкахь сирла-цӀиэ (цхьогалан) бос а бара. Цхьа хӀума дагадеича, шен мекхаш хьовзадора цо».
6— Симак ибн Хьарба аьлла: «Ӏумар когаш герга хӀиттош волалора (арахь), иза вогӀуш хилча, нах гӀаш боьлхуш (болуш), иза говрахь вогӀуш санна гора (иштта лекха вара иза)».
7— Анаса аьлла: «Цо шен маж ханнаца басар йора».
8— Симака аьлла: «Ӏумар волалуш сиха волалора».
9— ӀабдуллахӀ ибн КаӀб ибн Малика аьлла: «Ӏумара шен аьтту куьйга аьрро лерг лоций, говрана тӀеиккхара. Иза говрана тӀехь кхоьллина санна вара».
10— ӀабдуллахӀ ибн Ӏумара а, кхечара а дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла хилар: «Йа АллахӀ, Ислам дин чӀагӀде ахь Ӏумар ибн аль-Хаттабца». Ислам дин чӀагӀде ахь Ӏумар ибн аль-Хаттабца».
11— Ӏикримас аьлла: «Ӏумара Ислам тӀеэццалц бусулба дин лечкъина дара». Ислам тӀеэццалц бусулба дин лечкъина дара».
12— СаӀид ибн Жубайра аьлла: Къуръан чохь «„Со’лихьуль-муъминийн“ аьлла долу аят Ӏумарна лерина доссийна ду».
13— Ибн МасӀуда аьлла: «Ӏумара Ислам тӀеэцча дуьйна, тхо даима сий а, ницкъ а болуш дара». Ислам тӀеэцча дуьйна, тхо даима сий а, ницкъ а болуш дара».
14— Ӏабдуррахьман ибн ГӀанама дийцина, Пайхамарига (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Абу Бакра а, Ӏумара а аьлла: «Нахана Ислам дин дезар алсамдер дара, нагахь царна хьуна т1ехь дуьненан дика духар гича». Ислам дин дезар алсамдер дара, нагахь царна хьуна т1ехь дуьненан дика духар гича».
Цо аьлла: «Ас иштта дийр ду. АллахӀах дуй буу ас, нагахь шу шиъ цхьана хӀуман тӀехь барт хилла нисхьаьжича, ас шу шиннах дагаваларна (шу шин барт хилчу х1уман) дуьхьал цкъа а (х1ума) дийр дацара».
15— Ибн Ӏаббаса дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Сан стиглахь ши вазир (гӀоьнча) ву, лаьттахь а ши гӀоьнча ву. Стиглара сан ши вазир — Жибрил (малик) а, Микаил (малик) а ву, лаьтта тӀера сан ши вазир (гӀоьнча) — Абу Бакр а, Ӏумар а ву».
16— Абу Зарра (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, хӀора пайхамаран а хилла ши гӀоьнча (вазир), сан ши гӀоьнча (вазир) — Абу Бакр а, Ӏумар а ву».
17— Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен тӀе вогӀуш волу Абу Бакре а, Ӏумаре а хьаьжначу хенахь аьлла:
«ХӀара шиъ — йалсаманин баккхийчу нехан элий ву».
18— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Сан метта (сол тӀаьхьа) волчу шина стагах пайдаэца (царна тӀаьхьахӀуьттуш), Абу Бакрах а, Ӏумарх а».
19— Iабдул-Ӏазиз ибн аль-МуттӀалиб ибн Хьантаба шен дегара, цуо шен дедагара дийцина:
«Со Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уллехь охьахиина Ӏаш вара, цу хенахь Абу Бакр а, Ӏумар а схьаваьлча (гучаваьлча), цо (Пайхамара) элира: „ХӀара шиъ — (сан) лерг а, бӀаьрг а ву“».
20— СаӀид ибн Жубайра дийцинчу хьадисехь аьлла:
«Жибрил малик деира Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тӀе, цо аьлла: „Ӏумаре салам ло, ткъа цунна хаийта — цуьнан оьгӀазло (динна доьхьал болчарна) Сийлаллин (АллахӀан) ницкъ бу, ткъа цуьнан реза хилар — нийсо (хьукма) йу“».
21— СаӀад ибн Абу Вакъкъаса дийцина, Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«ХӀай, Хаттабан кӀант! Сан са куьйгахь долчуьнца дуй буу ас, хьо цхьана новкъа вогӀуш шайтана ма ца гина, иза кхечу новкъа дӀадахний бен (хьоьх кхералой)».
22— Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, шайта Ӏумарх кхоьру».
23— Ӏаишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, хьабашхой (эфиопаш) ловзаш (хьалха-тӀехкхийсалуш) болчу хенахь Ӏумар схьавеача, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, суна геннара гуш ду хӀинца жиннех а, адамех а долу шайтанаш Ӏумарх кхералой девдда дӀаоьхуш». анаш Ӏумарх кхералой девдда дӀаоьхуш».
24— Ибн МасӀуда хутӀба (хьехам) деш олура:
«Бакъдолуш, шайтIа Ӏумарх кхоьруш хиларха теша со — цо (шайтIо) цхьа керла хӀума (бидӀат) дича, Iумаро иза йухатохарна кхоьруш. Бакъдолуш, Ӏумаран шина бӀаьргана йуккъехь малик хиларна а теша со, цунна нийса некъ гойтуш, иза нисвеш».
25— Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Хьалха хиллачу къаьмнашна йуккъехь „мухьаддасунаш“ (Дала шен дагчу бакъдерг доссийна нах) хилла. Нагахь санна сан умматехь иштта стаг хилахь — иза Ӏумар ибн аль-Хаттаб ву».
26— Ибн Ӏумара дийцина, Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, АллахӀа нийсо (бакъдерг) Ӏумаран матта тӀе а, цуьнан даг чу а диллина».
27— Iалис (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Ӏумаран маттаца къамел деш йерг синан паргӀато хиларх тхо гена дацара (иза бакъ лорура оха, тхо тешна дарац иза иштта хиларх)».
28— Анаса аьлла, Ӏумара аьлла хилар: «Кхаа хӀуман тӀехь сан лаам сан Делан лаамца (омрица) цхьаьна нисбелира: ИбрахӀиман макъамна тӀехь а3, хьижабна (зударийн духарна) тӀехь а, иштта АллахӀан оцу дешнашкахь а: «Нагахь цо (Делан Элчас) шуна (х1ай Элчан х1усамнаной) талакъ (зуда йитар) дахь, цуьнан Дело шун метта цунна кхин дика зударий лур бу…4».
29— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Нагахь сол тӀаьхьа пайхамар хила йиш йелахь — иза Ӏумар хир вара».
30— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Бакъдолуш, АллахӀа массо а Ӏарафат (ломан) тӀехь болчу нахаца куралла йира (сий дира маликашна хьалха), ткъа Ӏумарца — ша-тайпа куралла йира».
31— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Сол тӀаьхьа нийсо (бакъдерг) Ӏумарца хир йу, иза мел волуччохь а»
32— Ибн Ӏумара (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Суна хезиpа Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш:
«Со набарахь (вижна) волуш, шурин кад беара суна. Ас цуьнах (шурех) мелира, сан мӀараш бухахула и малар дӀадоьдуш суна гуш дара. ТӀаккха сайн йиснарг (шура) Ӏумарна дӀайелира ас».
Наха хаьттира: «ХӀун маьӀна дира ахь цуьнан?»
Цо (Пайхамара) аьлла: «Ӏилма (ду иза)».
33— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Со набарахь (вижна) волуш, суна гира нах суна хьалха схьабалош (схьагулбеш). Царна т1ехь коч йара: цхьаболчеран — накха тӀекхаччалц йара иза, кхечеран — цул а йоца йара. ТӀаккха суна хьалхахула Ӏумар иккхира (велира), цунна тӀехь йолу коч (лаьттахула) текхаш йара».
Наха хаьттира: «ХӀун маьӀна дира ахь цуьнан, хӀай Аллах1ан элча?»
Цо (Пайхамара) аьлла: «Дин (ду иза)».
34— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Сан умматах уггаре а къинхетаме верг — Абу Бакр ву, ткъа Делан дин лелорехь (иза чӀагӀдарехь) уггаре а чӀогӀа верг — Ӏумар ву».
35— Делан элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Со йалсамане чувахара, цигахь суна дешийн гӀала гира. Ас хаьттира: „Хьенан йу хӀара?“ — аьлла. Суна жоп делира: „Къурайш тайпана къоначу стаган йу“, — аьлла. Суна моьттира иза со ву (и г1ала суна лерина йу моьттуш), тӀаккха элира: „Ӏумар ибн аль-Хаттабана йу иза“».
36— Абу ХӀурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла хилар:
«Со набарахь (вижна) волуш, суна со йалсаманехь гира. Цигахь цхьана гӀалина5 уллехь ламаз оьцуш цхьа зуда йара. Ас хаьттира: „Хьенан йу хӀара гӀала?“ — аьлла. Цара жоп делира: „Ӏумаран йу иза“, — аьлла. ТӀаккха суна Ӏумаран (шен доьзалах йолу) хьагӀ6 дагаеара, со йухавирзина дӀавахара».
(И хезначу хенахь) Ӏумар велхира, цо элира: «Сан да а, нана а хьуна махан хуьлда (хьох сагӀа хуьлда), хьоьца хьагӀ лелор йара ас, хӀай АллахIан элча?»




