Название книги:

Чонга-иччархо Туьйра. Сказка на чеченском языке для детей

Автор:
Вахит Умарсултанович Хаджимурадов
Чонга-иччархо Туьйра. Сказка на чеченском языке для детей

000

ОтложитьЧитал

Шрифт:
-100%+

Туьйлигчуьра, мог1а а нисбина, арадуьйлуш, лаха охьаоьхуш дара зингаташ. Ц1ийбелла малх хьалакъеддера, цундела зингаташ-иччархой сихонца новкъабовлуш бара. Малх суьйренга г1ортталц лелара уьш, адамашна гондхьа а инзаре лекха хьаннаш санна, шайна яккхий хетачу бецашна, ярашна юккъехула. Иччархоша туьйлиг чу баккхийчарна а, кегийчарна а, елла арахь йисина чуьрк йохьий а, мелла а шайла и онда белахь а, белла я лазийна моза бохьий а, цхьа ижу ц1а йохьура. Таллархоша, мел генара а аре толлий, лахьадой, цхьацца даамегаш долу х1уш а, ц1азамах доккхий дакъа а, мангал-комаран буьртиг а – ца йохьуш х1ума ца юьсура. Иччархой туьйлигах уггаре а онданаш хоржий хуьлура. Т1екхуьуш долу чкъор, кегий зингатий а, хьуьлура, шадерш бохург санна. Царех тардала г1ерташ а, даккхий хилча цаьрца цхьана мог1аре х1итта лууш а.


Издательство:
Автор
Жанр:
сказки